понедельник, 16 сентября 2013 г.

ЯХЬИНА ДИНА ХЬЕХАР

Динан г1уллакхаш башха дика карадог1уш вацахь а, маттана шера а, хьекъална ира а ву аьлла, Махьмина юьртахоша моллалла т1едожийна хилла. Шех тешийна г1уллакх вуно ч1ог1а санехь хилар зеделлачу цо малар а, сигаьрка а йитина. Вовшашца мостаг1алла тасаделлачу нахана юккъехь машар беш, моьлуш, хьаштдоцург лелош верг сийсаза веш, оьшучунна хьехам беш, массеран а дог эцна ваьлла Махьма. Луларчу ярташкара бахархой а хилла xlapa волчу оьхуш. Массарна а дашца а, г1уллакхца а там беш хилла цо. Цундела иза везаш а хилла.
Цхьана дийнахь хьалха цкъа доттаг1алла лелош хилла волу Яхьа веана Махьмина т1е шен цхьа бала бахьаш. Кисанара схьакъеда къаьркъанан шиша а, дукха сов вахочу маларх веттавалар бахьанехь тишъелла юьхь-сибат а, схьаетталун томкин г1иран хьожа а ца езаеллачу Махьмас, декъа салам-маршалла схьа а эцна, деана г1уллакх схьадийца аьлла:
- Вайша хьалха, цкъа зама зама йолуш, дууш-молуш цхьана лелаш хьох х1ума лачкъош вацара со, - аьлла, схьадолийна Яхьас. Амма ша ала г1ертарг схьадийцина ца волуш, дуьнент1е мел долу х1ума юкъаозийна, къамел дахдан волавелла иза...
- Ладог1ал, Яхьа, - сацийна иза Махьмас, - хилларг д1адаьлла, иза карладаха оьшуш а дац. Айса лелийнчунна тоххарехь дохковаьлла со. Цундела цунах лаьцна вайша кхин дийца оьшуш х1ума а дац. Сихха айхьа деана г1уллакх схьадийций вала. Арахь хьоьжуш кхин а нах бу...
- Гой хьуна, доттаг1а, доцца дуьйцур ду аса, х1окху т1аьхьарчу хенахь xlapa дуьне къахьдина суна оцу вайн чуьрачо. Чу моссаза веа, луьйш, хьаштдоц ург дуьйцуш. Со дуьхьал вистхуьллушехь, дов хуьлу. Зуда йитина д1а а яхийтина, лела зама а яцара сан, жайна даккхахьара ахьа цунна, толур яцара техьа иза.
- Иза-м хала, хьо ваха, дацара, - аьлла, къоламмий, кехаттий схьа а эцна, охьахиъначу Махьмас оццу минотехь яз а дина, кхо маь1иг еш хьарча а дина, д1аделла жайна Яхье.
- Х1окху жайно хийланна а г1о дина хьуна. Х1ун ю кхуьнан ц1е? Х1аъ, Хьулимат лен йолаллушехь, xlapa жайна цунна а ца гойтуш, хьайн цергаш юккъе лаца. Цул т1аьхьа а шайн барт иэг1аш меттиг нислахь, суна т1евола.

Комментариев нет:

Отправить комментарий